Вайн к1оштийн, яртийн, урамийн цхьайолу ц1ерш хийца езаш хилар билгалдоккхуш мехка Дас Кадыров Ахьмадан Рамзана д1адолийна г1уллакх т1аьхьарчу т1аьхьенна карор дуйла кхеташ ду. Х1унда аьлча, вешан коьрта декхар лардан дезарна, историн селханлерчу дийнахь дерг массеран бала кхочуш, массара йо1б1аьрг санна лардеш, уггаре къомана сийлахь, мехала г1уллакх хиларна.
Цунах дерг мел дукха дийцарх, к1ордон йиш йолуш доцийла, дицдан бакъо йоцийла хаа деза. Къоман дуьхьа шайн синош д1аделла, цуьнан маьрша дахар лардина турпалхой бевзаш хила беза. Цунах доьзнарг тесна дитар бахьана долуш, вайх лаьцна доцург дуьйцучеран боккха аьтто болура.
Х1инццалца зорбанехь а, цхьацца къамелашкахь а, тахна Интернет-сайташкахула а деса хабарш дуьйцучара шайн х1ума «к1айдан» г1ерташ къахьегарх, цара лелочух г1уллакх ца хуьлу. Европан пачхьалкхаш долаерзийна, дукха адамаш дайъина, х1аллакдина Гитлер а, СССР-н къаьмнаш охьате1ош, шена ма-луъа доладеш схьавеъна Сталин а цхьабарт болуш хиллера, боху къамел даржош бохкурш, харцдерг дийцарх эхь хеташ ца хуьлу. Хетахьара, шаьш х1етахь парг1атдаьхначу толамхошна х1иттийна х1олламаш д1абохуш, памятникаш йохош, дастаме бевлла хьийзар бацара.
Церан керла гучубуьлучу «историкашна» юккъехь говрах лата ца баьхьаш, нуьйрах лиэта 1еминарш, «бекхамна» т1ера болчух тера ду. Бакъдерг шайгахьа узуш дуьйцуш хиларх, доцург дийцарх, кхардам хуьлуш доьрзу. Толамхойн мог1а бацбелча, т1ом гина боцурш карзахбуьйлу, т1аккха, вукхарна г1о деш, суждане ихнарш, массарна бевза. Оцу т1амехь цхьана тоьпаца пхеа ц1ен эскархочо гойтуш хилла доьналла мехкан а, кхерчан а сий лардар дуйла хаьара. Х1ара дуьне мел ду даржийна, дукха доьзалш вовшахбаьхна, нохчийн къам бакъонах даьккхинчу хенахь юха ца бовлуш, мохк ларбеш, мостаг1чух леттачу, вайн къомах болчу т1емалойн ц1ераш, толам баьккхина мел дукха шераш довларх, ондда къахьегча бен, керланаш билгалъяха ницкъ ца кхочу.
Кхечу къаьмнашца махках даьхна 1ийна долчу вайна вешан турпалхой ца бовзийтаран бахьана дика девзара. Вайн республикан куьйгалхочо билгалдаьккхина ма-хиллара, и дерриге а (и ц1ераш тахкар) цхьаболчарна ца иэшарх, т1екхуьуш долу чкъор кхетош кхиорехь доккха маь1на долуш х1ума ду. Нийса бохура мехка Дас: «юьрт елахь а, урам белахь а, муьлхха меттиг цуьнан ц1арна т1ера д1айолаелла чекхваллалц шена т1ехь дехачу адамийн историн оьздангаллин, иштта д1а кхидолчун билгалонаш йолуш хила еза», и билгалонаш хилча — мохк бовзар, безар, ларар совдолу».
Вайна безамний, ларамний т1ера д1а бен диканиг ца девза. Кхи д1а дерг-изза ненан мотт, культура, дайх дисна оьзда г1иллакхаш, ламасташ уггаре ч1ог1а тидаме эцна хила дезаш хиларна. Орам боцу дит меттахдаккха атта хуьлу, шайн шалхо йицъеш, ямарт хуьлуш болчарах зулам долу. Цхьанна заманахь оьзда хилла боцчу наха оьздангаллех лаьцна цхьаъ дийцича, ц1ий 1енош баьккхинчу толаман мах лахбар хета, коронавирусан ун, цара къизаллийца йоьхкина м1араш лору, самалха цадалийта.
Юха а урамийн ц1арах аьлча, вай уьш техка хьакъ берш боцуш дац. Масала, вайн к1оштахь шолг1а лоруш йолчу Сема1ашкахь 18-20 т1еман ветеран хиллачохь, х1инца шовзткъе пхиъ билгалваьлла. Церан ц1ераш схьагулйича кхин а дукха хила тарлора. Кхин д1а уьш вовшахтухуш къахьега лерина хилча, Сийлахь-Боккхачу Даймехкан т1амах чекхбевллачу б1аьхойн ц1ераш йовзийта хьовса деза.
Вайн районан ярташкахь баьхна болу ветеранаш, т1амехь дакъалаьцна хиллачу эскархойх дийна биснарш д1абевлча, кхелхинарш, т1епаза байнарш, бицбан йиш йоцуш берш бицбича, цунах диканиг дер доцийла хиъна даьлла. Дийца оьший-техьа иза, ала тарло, сагатдан деза г1уллакхаш дукха хилча? Дера оьшу, дийцича, сагатдича бен, мехка Дас юхаерзийна йолу вайн турпалхойн ц1ераш х1инццалца евзина ца хилар дагадаийтина, беркате г1уллакх некъ гойтуш хьалха волуш цо д1адолийна хиларна.
И.Ибрагимов