Перейти к содержимому

ИМАН

Газета "Иман" Ачхой-Мартан

  • Новости района
  • Обратная связь
  • Документы
    • Официальные документы
    • Объявления
    • Политика конфиденциальности
  • Архив
  • 72-годовщина Первого Президента ЧР
  • Информационные сообщения
    • В Прокуратуре района
  • Covid-19
  • Выборы президента РФ — 2024
    • Антикоррупция
  • РОСПОТРЕБНАДЗОР
  • Экология
  • Строительство
  • Спорт
  • Сельское хозяйство
  • Здравоохранение
  • Религия
  • Происшествия
  • Общество
  • Образование
  • Антитеррор
  • Антинарко
  • Экономика и финансы
Смотреть онлайн
  • Главная
  • 2023
  • Сентябрь
  • 5
  • Сагатдийриг
  • Общество

Сагатдийриг

admin 05.09.2023 1 мин чтения
178

Ненан мотт, дай г1иллакх дицдича хуьлий вай нохчи!

Кху деношкахь Мехка-Дас, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин во1а Рамзана Нохчийчоьнан 1едалан а, динан а дай цхьаьнакхетарехь мехала кхеташо д1айехьира. Дийцаре диллинарг таханлерчу заманахь зуда йалоран а, йо1 маре йахаран а, и сел мехала, экаме йолу нохчийн халкъа дахаран кеп хийцайаларца доьзна къамел дара. Б1ешерашкахь вайн дайша, дедайша халкъан 1адаташца а, шар1ан низамца а нисдина, дуьстина, шен барам а болуш лерина лелийна долу г1иллакх г1елделла карадо тахана. Йоь1ан, к1ентан захало дийцаран а дара шен цхьа ша тайпа оьзда некъаш. Йо1-к1ант цхьаьнакхетар шаьшшиъ долуш ца хуьлура. Йо1аца а, к1антаца а цхьацца шайн нийсархо волуш йа хинйистехь, йа йоь1ан лулахойн х1усамехь хуьлуш дара. Дагайог1у сайн жималла а. Йоь1ан б1аьра хьажа лууш гуо туьйсура, амма йо1 йуьхьдуьхьал ца хьожуш, д1айоьрзура. Иштта дара оцу йаханчу заманахь захало дийцаран г1иллакх. Зуда йалийча х1оттош долу той а, синкъерам-ловзар а дара шен низам долуш.

Нохчийн оьзда мехкарий халкъан духарца, хаза-товш йолчу г1абалица кечйелла йог1ура ловзаре, синкъераме. Нускалан духар а хуьлура изза халкъан г1абали. Таханлерчу хенахь европейски нускалан духар ду вай цхьа да ваххал мах а лой, цхьана денна «на- прокат» йахьаш йолу коч, пхи метр хиллал лаьттах текхаш йолу куча йист шина-кхаамно схьалаца йезаш. Эрна дуй т1аккха вайн Мехка-Дас вайга бохург? Вайн доцу, аьр вай — «г1иллакхаш» — схьа ма лийца, нохчийн 1адаташца, динан арканашца ца дог1уш дерг йуккъера д1адаккха бохург? Томан а, урдон а ма ду хила дезаш цхьа доза, цхьа низам, оццу синкъераман а, ловзаран а санна. Нохчийн мотт а вай ийбина бийцича, г1илллакхаш а вай дицдича хуьлий вай нохчий?

А.Магомедов

Связанные истории

Год народного единства в РФ
1 мин чтения
  • Общество

Год народного единства в РФ

06.02.2026
ГРАФИЧЕСКОЕ ОПИСАНИЕ
1 мин чтения
  • Общество

ГРАФИЧЕСКОЕ ОПИСАНИЕ

02.02.2026
Сообщение о возможном установлении публичного сервитута
1 мин чтения
  • Общество

Сообщение о возможном установлении публичного сервитута

02.02.2026

БАННЕРЫ

Голосуй за достижения региона
ГОСУДАРСТВЕННАЯ ПЛАТФОРМА ПОДДЕРЖКИ ПРЕДПРИНИМАТЕЛЕЙ

Календарь

Сентябрь 2023
Пн Вт Ср Чт Пт Сб Вс
 123
45678910
11121314151617
18192021222324
252627282930  
« Авг   Окт »

Архив

  • VK
  • https://t.me/gazeta11

    Возможно, вы пропустили

    37-38
    1 мин чтения
    • Архив

    37-38

    25.05.2026
    36
    1 мин чтения
    • Архив

    36

    25.05.2026
    33-35
    1 мин чтения
    • Архив

    33-35

    25.05.2026
    Более 300 тысяч жителей Чеченской Республики проголосовали за объекты для благоустройства
    1 мин чтения
    • Инфраструктура для жизни

    Более 300 тысяч жителей Чеченской Республики проголосовали за объекты для благоустройства

    25.05.2026
    • О нас
    Copyright © Все права защищены. | DarkNews от AF themes.