Перейти к содержимому

ИМАН

Газета "Иман" Ачхой-Мартан

  • Новости района
  • Обратная связь
  • Документы
    • Официальные документы
    • Объявления
    • Политика конфиденциальности
  • Архив
  • 72-годовщина Первого Президента ЧР
  • Информационные сообщения
    • В Прокуратуре района
  • Covid-19
  • Выборы президента РФ — 2024
    • Антикоррупция
  • РОСПОТРЕБНАДЗОР
  • Экология
  • Строительство
  • Спорт
  • Сельское хозяйство
  • Здравоохранение
  • Религия
  • Происшествия
  • Общество
  • Образование
  • Антитеррор
  • Антинарко
  • Экономика и финансы
Смотреть онлайн
  • Главная
  • 2023
  • Август
  • 24
  • Халкъан иэсехь ваха виснарг
  • 72-годовщина Первого Президента ЧР

Халкъан иэсехь ваха виснарг

admin 24.08.2023 1 мин чтения
476
23 августехь кхузт1къе шийтта шо кхочур дара Кадыров Ахмад-Хьаьжин. Кхочур дара… Тахана вайца вац иза, амма нохчийн къоман исторехь, халкъан дахарехь хазлуш, цІинлуш лаьттачу Нохчийчоьнан керлачу кхолламехь, Даймахкахь кхеттачу маьршачу малхах тера, т1аьхьенна а йовхо луш, дагна синтем беш, йовр йоцу серло луш ваха висна Ахмад-Хьаьжа. Массарна а дика дагадог1у даханчу бІешеран чаккхенехь нохчийн махкахь лаьттина хьал, кхоллабелла, йа вай ваьш кхоьллина бохам, кхиийна бала.

ХІан-х1а, вайн къомана, вайн дайшна ца дезнарг, халкъо ца лехнарг дацара керла бевллачу, биссинчу тхьамданаша 1алашоне лаьцнарг — Маршо, Барт, Ний­со. Оццу кхаа дашах дуьненан дахаран байракх йина, шайн са, шайн жима дахар Іожалле д1ак­ховдийна, заманан йохаллехь ниц1къ болчу Россин пачхьалк­хаца кьуьйсуш, астаг|чу Темарца, Чингизханан ардангашца, иштта иттаннашца нохчийн къоман мохк безаш т1елеттачу мостаг1ашца хиллачу т1емашкахь д1акхелхи­на эзарнаш нохчийн йахь йолу кІентий. Амма нийсо йоцчохь барт хила тарлуш бац, ткъа барт боцчохь маршо хьовха, иман а, беркат а, ирс а дац кхолладала йиш йолуш.

Ца гира маршоне болчу сатийса­мо г1аттийначу халкъана нийсо. Дерриге а дуьненара ціубдарш схьагулделира нохчийн халкъан сатийсаман байракха кІел. ХІан- х1а, уьш бацара вайн вежарий, бацара нохчийн Даймехкан лаьт­тах орамаш долуш. Халкьан ц1ий мала гулделла ц1убдарш дара.

Мацвелларг мацалло бІарзвина, вуьзнарг — хьарам гулдинчу риц­къано сонтаваьккхина, адамалла йицйина, бала алсамболуш ирча хьал дара махкахь кхолладелларг, йа вай ваьш ваьшна кхоьллинарг.

Вийца да воцуш нохчийн махка чуйаьржинчу жухургаша шай­ца чудеара вайн къоман доцу гіиллакхаш, даржийра ваххабиз­ман орамаш, доьттира кегийрхойн коьрташ чу, дегнаш чу боьха д1овш, дийкьира къам.

Вайн къоман амалш йевзаш, майралла хууш болчу шанибов­г1ара, имрагимбейлиг1ара, Россин Іедалан коьртехь хиллачу шахрай­г1ара, бурбулисг1ара, Березовскин а, Ельцинан а лаамца бердах кхоьс­сира нохчийн къам. Кхоьссира, Россин пачхьалкхан рицкь-бахам шаьш боькъучу заманна нохчий шайна новкъара дІабахархьама. Нохчийн къам атта тешаш, хазчу хабарх Іехалуш дуйла хууш, шу санна майра къам дац аьлча, тоьуш хиллийла хаьара х1ара бала коча боьллинчарна. Амма цхьаъ дара оцу тайнигаш ловзочарна дицдел­ларг: хІаллакьхуьлучу къоман барт лохуш лелла майра баьчча, говза дипломат Таймин Биболт, халкъан кхетам алсамбаккха, х1аллакь­хиларх къам лардан 1алашонца буьрсачу имамана дуьхьалваьлла Кишин во1 Кунта-Хьаьжа а санна болу йахь йолу къонахий д1абев­лла цахилар.

Ца моьттура оцу жухургашна оц­цул ондачу къоман орамах кхиъна, ламанан цІенчу х1авао, сирлачу шовданаша кийра 1абийна, Си­брехан жоьжаг1атех чекхдаьллачу халкъан хир вуйла кхин а майра к1ант. Моьттура, массо а нохчо вохкалуш ву, Іехалуш ву. Лелочу харцонна, схьакхийдочу хийрачу гІиллакхашна дуьхьалволуш, къам доьхкинчу, нохчийн ц1арах лелачу цІубдаршна йуьхьдуьх­хьал бакьдерг олуш, нийсонан некь гойтуш, дагца кхерам боцуш г1аьттира нохчийн кІант Ахьмад- Хьаьжа. ХІаъ, Кадыров 1абдул­Хьамидан во1 Ахьмад-Хьаьжа а вара маршоне кхача г1ертачу халкьана хьалхаваьлла, уггаре халчу заманахь шен к1ентий, йи­шин, вешин, тайпанан йахь йолу кегийрхой тІаьхьабаьхна, т1еман цІергахь кхирстина, вахчавелла. Амма хьалхарчу т1еман г1овг1а лахйелла, Масхадов паччахь хаьр­жина дІах1оттийначу Іедало а ца кховдийра халкъе нийсо, ца йира мискачу къоман г1айг1а. Х1ора а, инарла хилла, шена тІаьхьа цхьац­ца тоба х1оттийна, герз кхетта, чов хилла 1уьллучу халкъах-махках кайетташ, шен кийра буза г1ерташ хьийзара.

Лелайен харцонаш ца лайна, ваххабизмах даьржаш лаьтта ун хааделла, ма хьийзаде миска къам, аьлла, дуьхьалвелира Ахьмад- Хьаьжа.

Бакъдерг дуьйцуш, бусалба ц1енчу динан некъаш билгал­дохуш, харцволчуьнга цІенаниг йуьхьдуьххьал д1аолуш, къам ма хьийзаде бохуш, бакьдолчунна тlerlepташ волу нохчийн йахь йолу к1ант Ахьмад-Хьаьжа новкъа вара къоман цІий муьйлучу, халкъан ц1арах лелар бен, кхин халкъаца бала боцчу йовссаршна. Мосу­ьйттаза г1оьртира Ахмад-Хьаьжа вен. Ийгира иттаннаш кхуьнан накъостий, гергарниш.

Маьршачу дахаре некь гойтуш, халкьах дог лозуш, цІенчу 1ала­шонца лелаш волу Ахьмад-Хьаь­жа 1алашвора сийлахьчу Аллах1а. Х1ан-х1а, политик а, дипломат а вацара Ахьмад-Хьаьжа. Амма кІорггера 1илма девзаш, Дала бохучунна тlerlерташ, харц-бакъ, хьарам-хьанал къасто хууш вара, машаре сатуьйсучу къомах кхеташ вара.

Россин Президент Путин а кхий­тира Ахьмад-Хьаьжас арабаь­ккхинчу некъах, тешийра кхунах 1едал: уггаре а чолхечу хенахь, махкахь тІеман к1ур хьийзачу за­манчохь Кадыров Ахьмад-Хьаьжа Нохчийчоьнан куьйгалле х1оттий­ра Россин Президента. Нохчий къам а тийшира Ахьмад-Хьаьжех. 2003-чу шарахь хиллачу харжа­машкахь Нохчийчоьнан Прези­дент ву аьлла къастийра халкъо Кадыров.

Политик а хилира, дипломат а хилира Ахьмад-Хьаьжех. Нохчийн къам, хиндолчу диканах, сирлачу кханенах тешна, ша хаьржинчу Президентана тІаьхьах1оьттира. Мелла а паргІатоне г1улч йок­кхуш, маьршачу дахаран новкъа даьлла, лелон харцонаш лахйелла, Ахмад-Хьаьжас хаьржина некъ къобалбина доккха са даьккхинчу нохчийн халкъан барт хилар а ца дийзира йовссаршна.

Вай массо а цхьа нохчий ду, дехьара-сехьара бохуш къеста йиш йац, нохчочо нохчо муха вуьйр ву? Шина а агlop хІаллакь -хуьлуш берш нохчийн кІентий бу, аьлла, халкъан барт бан араваьлла Ахьмад-Хьаьжа воьзийла а дацара вайн халкъан мостаг1ашна. Бинчу тешнабехкаца, дерриге къам а, дуьне а майхь Сийлахьчу Толаман де даздеш долчу, бІаьстенан хазчу дийнахь тІаьххьара а кхочушхили­ра мостаг1чун 1алашо. Даймехкан дуьхьа, нохчийн къома дуьхьа дет­талуш хилла дог д1асецира. Амма Ахьмад-Хьаьжин дахар хадийнехь а (Дала г1азот къобалдойла цуь­нан), къоман маьршачу кханене боьду некъ ца хадийра оцу Делан мостаг1аша. Дукха жима волуш шен дена накъост хилла д1ах1оьт­тина волу цуьнан к1ант Рамзан висира мостагlex бекхам эца а, халкъана эшначохь накъост хила а, маьршачу дахаре боьду некъ д1акхехьа а. «Кегийрхойн карахь йу нохчийн къоман кхане, церан терго йу йан йезаш йерг», — шен дас Ахьмад-Хьаьжас дийцинарг Іалашоне лаьцна схьавогІу вайн Мехка-Да. Стадионаш, школаш, спортан комплексаш, институташ схьайоьллуш, г1ишлош, некъаш, больницаш, маьждигаш дойтуш, мохк цІинбеш, хазбеш дах1оттош лаьтта вайн республикин куьйгал­хочо шен накъосташца.. Ахьмад-Хьаьжин кхузткъе шийт­та шо бен кхочур дацара хене диллича, амма вайн Даймехкан кхолламехь, халкъан дахарехь йовр йоцу лар, йицлун йоцу цІе йисина нохчийн махкахь. Шен хал­къан дуьхьа дахар д1аделларг леш вац, иза ваха вуьсу шен къомаца, халкъан дебарца, мехкан 1алашон­ца, кхолламца йуьсу сийлахь ц1е…

Связанные истории

Он вел народ к светлому будущему и строил настоящее
1 мин чтения
  • 72-годовщина Первого Президента ЧР

Он вел народ к светлому будущему и строил настоящее

09.02.2024
Турнир за шахматной доской
1 мин чтения
  • 72-годовщина Первого Президента ЧР

Турнир за шахматной доской

28.08.2023
Магомед Даудов: “Начатое Ахматом-Хаджи Кадыровым дело будет жить в веках”
1 мин чтения
  • 72-годовщина Первого Президента ЧР

Магомед Даудов: “Начатое Ахматом-Хаджи Кадыровым дело будет жить в веках”

27.08.2023

БАННЕРЫ

Голосуй за достижения региона
ГОСУДАРСТВЕННАЯ ПЛАТФОРМА ПОДДЕРЖКИ ПРЕДПРИНИМАТЕЛЕЙ

Календарь

Август 2023
Пн Вт Ср Чт Пт Сб Вс
 123456
78910111213
14151617181920
21222324252627
28293031  
« Июл   Сен »

Архив

  • VK
  • https://t.me/gazeta11

    Возможно, вы пропустили

    Как подрядчику начать строить с эскроу
    1 мин чтения
    • Строительство

    Как подрядчику начать строить с эскроу

    16.06.2026
    Борьба с неформальной занятостью продолжается
    1 мин чтения
    • Неформальная занятость

    Борьба с неформальной занятостью продолжается

    16.06.2026
    Более 1,6 млн заявлений поступило на получение новой семейной выплаты
    1 мин чтения
    • Семья

    Более 1,6 млн заявлений поступило на получение новой семейной выплаты

    16.06.2026
    Блогеры и владельцы популярных интернет-ресурсов обязаны регистрироваться в Роскомнадзоре
    1 мин чтения
    • Роскомнадзор

    Блогеры и владельцы популярных интернет-ресурсов обязаны регистрироваться в Роскомнадзоре

    16.06.2026
    • О нас
    Copyright © Все права защищены. | DarkNews от AF themes.